✅Подписывайтесь, ставьте лайки, делитесь нашими видео. Таким образом вы помогаете не только в продвижении каналов, но и в популяризации чеченской культуры.
✅По вопросам сотрудничества обращаться по электронному адресу [email protected]
✅Наш основной канал
/ @nazma-studio
✅Финансовая помощь проекту NAZMA. Деньги будут целенаправленно использованы для развития чеченской культуры.
https://www.paypal.com/paypalme/NAZMA...
✅Наш второй канал
/ @malikaguno
✅Мы в соцсетях:
фейсбук
https://www.facebook.com/profile.php?...
инстаграм
/ isa_keloev
одноклассники
https://ok.ru/nazma.studio
📌📌📌
"Марзонийн цинцаш" цlе йолу NAZMA студин проект.
Байт йоьшуш ерг ю Магомадова Зара.
Хьан йара-кх со...
Хьан цIийнах йара-кха со, Нохчийчоь, хьан цIийнах йара,
Нахана дIайийца ворхе а ден цIе а хилла.
Хьан цIарца йаьхна со, Нохчийчоь, хьан цIарца йаьхна,
Хьешана хIоттадан комаьрша шун а сан хилла.
Хьан йуьхь ас ларйина сайн эхь-бехк, сайн сий санна,
Къа доцчу сан сина теш хIотта Терк а ду сийна...
Хьайбахахь йагийна, да вийна мостагIа санна,
Сайн кхерчах йохийна, мисккъал а бехк боцуш бийца...
Безам а сан хилла, дуьненал лекха со хIотто,
И тешо са оьзда кIентий а сан новкъахь хилла.
Дуьненчохь мел болчу зударел со маьрша къасто
Бахьана цхьаъ хилла-кх - со ларйан къонахий хилла.
Ткъа тахна со лаьтта хьан лаьмнийн когашкахь йоьхна,
ХIара дуьне Iаддол мохь-цIогIа сайн кийрахь къуьйлуш.
Йахь йолчу сан сийца хьагI лаьцна йилбазан махо,
Доккхачу дуьнен чохь йаржийна сан деган аьхкаш...
Хьан къина со йилхина, бIаьрхиш а чекхдевлла лекъна,
Нохчийчоь, со йисна ца кхеташ хуьлучух тахна.
Йилбазо чIабанаш лачкъийна, йовлакх а даьхьна...
Орцаха йалахьа! Сан сих ма хьаьрчина лаьхьа...
Гой хьуна, къийгаша гуо бина дIалаьцна стигал?
Царна а ма гома хилла-кха сан гIаргIулийн илли.
Ас лоьху сайн хилла аматаш хьан бIаьвнийн кхерчахь...
Ас лоьху... Ткъа суна жоп дала цхьа а вац уллохь...
~Гайтукаева Бана