NAZMA studio_"Аренан эшарш..."_М.Сулаев_И.Келоев

Опубликовано: 21 Июнь 2026
на канале: NAZMA STUDIO
2,525
31

Аренан эшарш
Сулаев Мохьмадна лерина...

ВогIу со аьхкенан арахь,
Йитина гIовгIане гIала,
Сайн илли, ца дуьтуш кIарахь,
Мохь тоьхна арешна ала.

Акхтаргийн кондаршца ловзу
Олхазарш, йиш лоькхуш царна.
ТIехула дIо марха кхозу,
Ша цаьрга ладоьгIуш санна.

Iаламан сутара ялхо -
Со вогIу, мохца а къуьйсуш,
Гаьннашна юккъешха малхо
Когаш кIел седарчий туьйсуш.

Мохо, шен ма1аш а Iуьттуш,
Шур-шур деш, кегайо хола.
Бердах чу таьIна, хи муьйлуш
Го дIогахь хьагйелла колл а.

Бецаша мохехь, дIаслесташ,
Шабарш деш, дуьйцу шайн туьйра,
Хьийкъинчу хьаьжкIаша, техкаш,
Суна мор баржийна шуьйра...

Аренгахь мел дукха хилла
Сан иллел нуьцкъала эшарш!...
ДIатийра сан гIийла илли,
Чухудуш аренца декарш...

дешнаш - Сулаев Мохьмад
мукъам баьккхинарг а, илли дlаолург а - Келоев lийса
видео - Эдельмежидова Малика