✅Подписывайтесь, ставьте лайки, делитесь нашими видео. Таким образом вы помогаете не только в продвижении каналов, но и в популяризации чеченской культуры.
✅По вопросам сотрудничества обращаться по электронному адресу [email protected]
✅Наш основной канал
/ @nazma-studio
✅Финансовая помощь проекту NAZMA. Деньги будут целенаправленно использованы для развития чеченской культуры.
https://www.paypal.com/paypalme/NAZMA...
✅Наш второй канал
/ @malikaguno
✅Мы в соцсетях:
фейсбук
https://www.facebook.com/profile.php?...
инстаграм
/ isa_keloev
одноклассники
https://ok.ru/nazma.studio
📌📌📌
Хьомсара махкахой! Шун тидаме дуьллу оха "NAZMA" студехь даьккхина керла илли.
Яхьийна ойланаш...
Куьзгана пардонех, пенах чекхбуьйлучу
Бодано яхьайо хьох йолу ойланаш.
Ас, хьоьга ладугIуш, хенах шеквуьйлучохь
Йицйина валаран, висаран гIевланаш.
Цкъачунна серлонехь ву со хьоь хьежаран,
Букъ тоьхна велахь а боданан тарханах,
Цкъачунна йийсарехь ву со хьан къежаран,
Дуьненан есаллехь цхьалхачу марханах.
Со хIинца тера ву дозанан бIогIамах,
Боданан, серлонан юкъ йоькъуш боьгIначу,
Со хIинца тера ву борзанан догIанах,
Дуьненан, эхартан неI къовлуш тоьхначу.
Цкъачунна серлонехь ву со хьо ларъяран,
Садууш велахь а кху Дала даларан,
Цкъачунна - йийсарехь хьан когийн лар гаран,
Хьо гучуер йолу неI еллаяларан.
Чуоьхурш, дIаоьхурш хьеший бу генара,
Ткъа со ву кху шина неIаран йийсархо.
Хан а ю хьан къайлаяларан хенара,
Ирс а ду хьан гучуяларан нийсархо.
Цкъачунна серлонехь ву со хьо эшаран,
БукъIаьржа велахь а, аркъала товжарна,
Цкъачунна йийсарехь ву со хьох тешаран,
ЮхьIаьржа велахь а лаьттахь хьо йовзарна.
ЧувогIург чувогIу бодано Iаржвина,
ДIавоьдург дIавоьду серлонах воьттина.
Хьан неI а ца йолу хьох долу арз дина,
Сан неI а некъашка ладегIа хIоьттина...
дешнаш - Бисултанов Апти
мукъам баьккхинарг а, илли олург а - Келоев Iийса